На портале: www.proffi95.ru сотрудников: 277     обучающихся: 30    
ГлавнаяНовостиПоэзин суьйре

Поэзин суьйре

210 просмотров
0 комментариев

           "Поэзин суьйре" Гуманитарно - технически техникумехь. 
           Мотт – халкъан дахаран хазна ю. Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойла яран а, кхетаман а, 1илманан а, культуран а, искусствон а, халкъан хьекъалан а уггаре сийлахь, йоккха хазна ю. Мотт – халкъан историн куьзга ду.
Шен маттаца доьзна, херадовла йиш йоцуш ду х1ора а къоман г1иллакхаш, ламасташ. Иштта маттаца доьзна дуккха а мехала х1умнаш ду къоман дахарехь.

Поэзин суьйре

          Шайн мотт безаш, цуьнан хастам беш  техникумера дешархой тахана цхьаьнакхийтира  библиотекехь, цара байташ йийшира шайн дукха безаш а, лоруш а болу поэтийн Арсанукаев Шайхи, Музаев Нурди, Дикаев Мохьмад, Мамакаев Мохьмад, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса. дешархоша тидам бина церан  произведенешкахь мел ч1ог1а буьйцу цара ненан мотт а, нохчийн г1иллакхаш а.
Мотт боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Къам д1адаьлча – мотт д1аболу.